⇚ На страницу книги

Читать Ламазан догIа

Шрифт
Интервал

© Хьусайн Шовхалов, 2023


ISBN 978-5-0060-9478-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЛАМАЗАН ДОГIА

ДЕШХЬАЛХЕ

БиссмиллахIиррохьманиррохьийм. Хастам бу АллахIана Iаламаш кхиош-кхобуш волчу. АллахIера салават а, салам а хуьлда АллахIан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, берриге асхьабашна а. Цул тIаьхьа:

Лараме бусалба ваша, йиша! Уггар хьалха Дала вайна т1едиллина декхар – иза Ша цхьаъ вар, Шеца кхин дела воцуш, Мухьаммад Делан лай а, Элча а хиларх тешар ду. Иза коьрта бух бу стеган бусалбаллин. Цул тIаьхьа Iамал ян еза бусалбачу стага. Ткъа бусалбачу стага уггар хьалха ян еза Iамал – ламаз ду. Ислам динан баххьех шолгIа бух бу иза. Iумар бин ХаттIабан кIант IабдуллахIа {Дела реза хуьлда цушинна аьлла}: «Суна хезира АллахIан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} олуш: «Ислам пхеа (бух) тIе доьгIна: «ШахIадат – АллахI воцург кхин дела вац, Мухьаммад Аллах1ан Элча ву. Ламаз дIахоттадар. Закат далар. Хьаж дар. Рамаданан марха (кхабар)» [1].


Цундела, ламаз Ислам динан шолгIа коьрта бух бу. Жимчохь дуьйна Ламаз чIогIа лардан дезаш ду бусалбачу стага. Амма ламаз дале хьалха дуккха а хIуманаш ду ламазна кечам беш кхочушдан дезаш. Ламаз дийриг уьш девзаш вацахь, гIалаташ хир ду, тIаккха цуьнан ламаз нийса хир дац. Цундела и уьш довзар чIогIа коьрте ду бусалбачу стагана.


Х1ора хIуманан шен хьалхе а хуьлу, чаккхе а хуьлу. ХIора хIуманан шен догIа а ду. Ткъа «ламазан догIа» хIун догIа ду хаьий хьуна, лараме ваша, йиша? Иза Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} билгалдина вайна. Делан Элчо {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} аьлла: «Ламазан до'гIа – цIеналла ю, цуьнан дIадехкар – такбир ду, цуьнан чекхдалар – салам далар ду» [2].


Ламаз дале ламазан цIанвелла хила веза бусалба стаг. Ламазна ян еза цIеналла йина хила веза. ЦIеналла ламазан догIа хиларе терра, цу цIеналлин Iилма а довза деза бусалбачу стагана. Шеца цIеналла а йоцуш ламаз дан магийна дац цхьанна а. ЦIеналлина юкъадогIу ламаз дийриг ламаз эцна хилар, лийча тIехь делахь лийчина хилар, нажасах цIена хилар, иштта кхидерг а. Цундела Веза Сийлахьчу Дала ламаз дале хьалха ламаз эца аьлла бусалбачу нахе. Сийлахь Везачу Дала боху Къуръан чохь: {ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна дIахIуьттуш, шайн яххьаш йила, куьйгаш а дила голашка кхаччалц, шайн коьртах (хица тIадийна шина куьйган пIелгаш) хьакха, когаш била хьорканашка кхаччалц}.


Кху аятехь Веза Сийлахьчу Дала билгалдо бусалба стаг ламазна дIахIоттале ламаз эцна хила везаш хилар, ламаз муха эца деза а. Ткъа Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} ламаз оьцуш лело деза хIуманаш а билгалдина кху аятехь хьахийна доцу.


Лараме сан ваша, йиша! Ламаз эца а, дегIах хи кхарза а хи оьший? Муьлха хи мега, муьлханиг ца мега хаа оьший? Хи схьаэца а, чу дотта а пхегIа оьший? Муьлха пхегIа лело мега ламаз оьцуш хаа оьший? Ламаз эцале хьалха цIано муха ян еза хаа дезий? Ламаз дан лууг нажасах цIена хила везий, ткъа нажас хIун ю хаа ца деза? Бага цIанъян езий, и стенца цIанйо хаа дезий? ТIаккха сивак хIун ю хаа дезий? Адамана шен дегIа тIера чо баккха, мIара яккха, кхийолу меженаш а цIена хуьлуьйту хIуманаш хаа дезий? Ламаз муха эца деза, цуьнан фарзаш, суннаташ хаа дезий? Ламаз карара долу а, ца долу а бахьанаш хаа дезий? Муьлхачу хIуман ламаз карахь хила деза, муьлхачу хIуман ламаз карахь хила ца деза хаа дези? Зудчунна ша ламазна юкъараяьлча шена хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий? Ша ламазна юкъараяларца доьзна дерг хаа дезий цунна? Зудчо доьзал вича шена хьолехь хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий цунна? Фарз лийчарш, суннат лийчарш довза дезий? Лийчаран фарз а, суннат а хаа дезий? Хи ца хилча, тема дарх лаьцна довза дезий? Маьхьсешна тIе масхьу муха дан деза хаа дезий? Кхин а дуккха а хIуманаш хаа деза цунна.