Атта ду нохчийн къам дерриг а деза,
Байташ а кегаеш, хьерчадеш дош.
Амма ма г1орталахь цхьаъ нохчо везан,
Байташ а тоьура яц, тоьура дац дош.
*****
Даш хилла язъелла мархаш,
Сенбелла бистина бутт!
Йиш яц-кха дог дилла малхах,
Хиларах цу стиглахь и г1урт!
*****
Сийлахьчу доьналлин мох,
Д1абала ма хьерча сох!
Къарбина бойна сан букъ,
Ца лайна харцонийн дукъ!
*****
Берзлошна хьалха яьлларг
Гилла-борз хуьлу.
Уьстг1ашна хьалха яьлларг-м
Газа хуьлу.
*****
Сийначу б1аьргаша сенйина шело,
Хьаьрча сох 1ехавеш лепарах шен.
Дависа, ма яй хьо сан б1аьргийн серло,
Ма ч1ог1а ви-кха со сийналло лен.
*****
Дависа, и б1аьргаш ма хаза хьоьжу,
Малх санна лепаш ю цу йоь1ан юьхь
Кхечунга д1ахоьжу, кхинарг а лоьху,
Б1аьрзечу цу б1аьргийн кхоьлина юьхь
*****
Сийначу цу стигла, к1айн марха хилла,
Йаха хьо ластош схьа соьга а т1ам.
Амма сан дац т1емаш, ахьа бехк ма билла,
Сан дахар лаьттахь ду, сан жима 1ам.
*****
Ма хьежа малхе, б1аьрнур талхош,
Ма къийса хазалла цуьнца ахь!
Ткъа х1инца лела бала балхош,
Аптекехь эца куьзганаш!
*****
Ма тийса м1араш цициго санна,
Ас мохь ца аларх, лазво со!
Д1атий сан хьомениг цхьана ханна,
Т1къа т1аккха цергаш ирйо сох!
*****
Ма хьежа к1елд1ашхула соьга,
Ма хьежа б1аьргаш буог1абай!
Ас кхана дер ду собар хьоьга,
Ма хьежа кхана а соьга, х1ай!
*****
Ма сиха кхечи гуьйре вайна,
Сан са ма диси б1аьстена чохь.
Ткъа 1а т1екхаьччи, шело лайна,
Со-м виси гуьйрех хьоьгучохь.
*****
Нохчийн сий нохчийн йо1 деца!
Шовданан т1адам бу и!
Малх санна хаза и еца,
Пет1амат зезаг ду и!
*****
Хиллачу цу т1амт1ехь со висина техьа,
Дуьненахь лелаш дерг са ду те сан?
Со х1унда висина 1ожаллан сехьа,
Къизачу мостаг1ийн къизалла ган?
*****
Ма кхоадайша, нохчийн к1ентий,
Вовшен ала мерза дош!
Халонийн и шело хьерчарх,
Дег1ах эцна са д1ахьош!
*****
Со вац-кха Лондоне садо1а воьдуш
Х1ун до ас Лондонехь, ца хаьа мотт.
Ц1адуьйла цигара нохчий, со хьоьжу,
Ингалсийн мотт буьтуш, Нохчийчоь йотта!
15.12.22 шо.
1АЛАМАН А, 1АДЛАНАН А ЗАБАРШ
1аламан дийцар.
1алам 18 шо кхаьчна жима стаг, колледжехь шеца доьшуш болчу кегийра нахах дуьйцуш вара и шен ден йишина Заремина:
– Тхоьца доьшуш волчу цхьана к1антана дас, нанас зуда ялийна, 18 шо кхаьчча, – бохура цо.
– Муха зуда ялийна? – хоьттура ден йишас. Хьо-м вац зуда яло дагахь?
– Вац дера со-м, аса-м 20 шо кхаьчначу хенахь бен ялор яц! – ден йиша сапарг1ата яьккхира 1аламас.
– Йоь1ан масса шо ду, к1ентан 18 шо хилча? – хаьттира ден йишас.
– 16 шо ду-кх. Бера а ду цера-м…
– Ткъа бера леладой цу шимма?
– Ца леладо дера, – цецвелира 1алам. Бера а, уьш кхоьа а цара леладо-кх.
– Хьан цара?
– Дас, нанас а, массо а гергарчара леладо-кх!
1адлан хьалхара классера дешархо.
1адлан дукха инзаре цецваьлла вара, х1окху школехь болх беш йолчу, ден йишас Заремас дуьххьара школе валийча, шен хьехархочо Амнатас куьйг схьалаьцча а, реза воцуш:
– Схьа ма леца сан куьйг! – бохуш.
Жимма хан яьлча, д1авуьйлира и шен хьехархочух, хеста а йора 1адланас Амнат Мовладовна. Хьалхара классера к1ант х1инца школах а д1авулуш вара, классера берашца ловзуш а хазахетара цунна, цхьа дагахь доцуш х1ума юкъа ца доьллехьара.
– Лоьраш бог1уш бу вайн школе! Мехий деттара долуш бу уьш! – хабар даьржира класса чохь.