⇚ На страницу книги

Читать Хьехархочун дийцар. Дийцарш

Шрифт
Интервал

© Вахит Хаджимурадов, 2023


ISBN 978-5-0059-7226-2

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Хьехархочун дийцар. Дийцар.

– Со 1аш-м г1алахь вара. Делахь а, хьалха юьртахь 1ийна ву. Цундела юьрта вухаверза дог дара сан. Юьртара ишколашкахь хьехархой ца тоьуш бу аьлла а хезинера суна. Амма г1ала д1асалелан кхуьур вац х1ора дийнахь. Ахь цкъачунна, чохь 1ен г1ишло, я цхьа чоь хилийтича, шун ишколе балха х1отта лууш вара со, – кхетийра ас, корта, хьарг1анан мас санна, 1аьржа басар бинехь а, дикка хан д1аиккхина волу ишколан директор Махьмад.

– Х1ун болх бина ахь? – хаьттира Махьмадас.

– Со ткъа шарахь сов оьрсийн мотт хьоьхуш хилла, амма ас чекхъяьккхинарг-м филфакан нохчийн отделени ю. Нохчийн мотт а хьеха лууш вара со, – сайн ойла йовзийтира ас.

– Бакъахьа хир ду. Оьшу тхуна-м оьрсийн меттан а, нохчийн меттан а хьехархой. Кортира а нисйийр ю, юьртан хьаша вина т1е а оьцур ву. Ткъа мел урокаш лелалур ю хьоьга, мас сахьт деза хьуна? – ч1ог1а реза хилира ишколан директор, самукъадолуш шен 1аьржа ц1оцкъамаш, «1аьржачу» к1ужале кховдийра Махьмадас.

– Сан шуьга цхьа дехар бен, кхин дехар дац. Урокаш а, сахьташ а шайна бакъахьа хеттарг хилийта, суна шун юьртахь оьшург – чохь 1ен г1ишло ю. Кхин дехар дац сан, – элира ас.

– Иза-м даккхийчех дац. Кортира хилийта-м ас дош ло хьуна. Сентябрь болабелча балха аравала, чохь 1ен меттиг ас сайна т1елоцу, – дуьззина дош делира директора кхин цкъа а.

Иштта д1аболабелира ас оцу ишколехь бина болх. Юьртан йистехьо, 1ежийн бешахь динчу ц1а чохь 1ен меттиг а нисйира суна директора, ша ма-аллара. Со новкъахь вог1уш дуьхьалкхетча, шен машен сацайой, охьавуссий, маракхеташ салам-маршал хоттуш, ч1ог1а г1иллакх х1оттадора соьца Махьмадас. Хьехархой а, шаверг санна, г1иллакхе, т1екаре бара соьца. Нохчашна юкъахь воцуш дикка хан яьлла волу со ч1ог1а г1адваханера ц1еначу нохчийн г1иллакхех. Бераша лелош долчу г1иллакхах а воккхавина а ца волура со.

Дерриге талха доладелира со лулахь нисвеллачу, шовзткъа шаре ваханчу Сайдас бинчу бегаш т1ера. Со лула веъна аьлла хезначу Сайдас шен х1усамнене, Малене, жижиг-галнаш дайтинера. Со х1усамдеца суьйрана раг1ук1ела х1ума кхоллуш 1аш, чуьра аралилхина цуьнан бераш дуьйлира ловзуш, г1овг1анаш ян.

– Д1адовла цигара, г1овг1анаш ма елаш! Х1ара кестта шун ишколан директор х1уттур волуш ву. Т1аккха кхо бийр бу шун болх, – бераш кхерийра Сайдас шен дагахь.

Дага-м деарара суна: «Деллахь, ма марахдовла мегаш жижиг-галнаш ду-кх х1орш!» – аьлла. Амма дан х1ума дацара: дош, аьлла даьлча, духадерзо йиш яц, цунна сиха т1емаш довлу. Т1емаш довларал сов, иза эрча а долу, кхечу нехан матта т1е мосазза дужу.

Ши-кхо де юкъа ца дуьйлира завучийн соьца йолу юкъаметтиг, озийначу 1одан пха санна, юлаяла. Тамашийна хеташ делахь а, оцу ишколехь багарбина ца валлал бара завучаш – виъ-пхиъ, мел к1езиг а. Директор-м, баттахь цкъа гучу а волий, ши-кхо бер чудуьгий царна жимма «муьшка» а йой, «совещанешкахула» ваьлла лелаш, ц1а воьрзуш а вацара.

Тхан нанас Зийнас, ша дийна йолуш, сайга олуш хилла: «Адамашца тарвала г1орталахь даима а!» – дагадог1ура суна кест-кестта. Адамашца-м тарвала хала а дера ца хиллера, амма т1аьхьарчу хенахь и адамийн юьхь а, сибат а дайна лелачу нахаца муха тарвала деза х1окху дуьненчохь? Шен да вухкий а, хьаьким х1утту, ткъа оцу хьаькиман даржах узуш болу етт а бой 1а. Алапа ца валлал хуьлу, ткъа лачкъош дерг цкъа а ца валлал хуьлу. Шена низам а, бакъонаш а ларъян беллачу белхалойн алапи т1ера а ахча лачкъадой, «саг1а хила хьан!» олий, Делан кхиэлах а к1елхьарволу. Берашна ишколан 1едало схьахоьцуш долу рицкъа лачкъадой, г1аланаш санна ц1енош а дой: «1едал ша а къу ду, къуьнан лачкъадо ас!» – олий, шена ялсаманехь меттиг хиларе сатосу. Ялсаманех а, Делах а тешаш воцчу хьаькамна-м гуттар а марш бет1а – цо-м адамийн ц1ий молу бакъонца. Масала, лор ву ша бохуш лелачо олуш хаза тарло: «Шегара саг1ина а кепек ахча хир доцуш волчу цомгашчу стага хьийзаво-кх со, шена „лечени е“ бохуш!»