© ШОВХАЛ ХЬУСАЙН, 2020
ISBN 978-5-0051-7590-8
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Биссмиллах1иррохьманиррохьийм.
Хастам бу Аллах1ана Шен лайшана мел оьшург царна делла волучу. Лайно шега дехча, цунна жоп луш волучу. Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда вайн элчанна Мухьаммадан а (Делера салават-маршал хуьлда цунна), цуьнан гергарчарна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош, церан некъа т1ехь мел волучу стагана а, зудчунна а.
Вай наха хийлаза хаттар дина соьга: «Делига до1а муха дан деза»? – аьлла. И хаттар сайга дича дог 1овжа дора сан, х1унда аьлча, Делига до1а да цахууш бусулба стага хилча, дог муха 1овжа дийра дац?! Цунах лаьцна а 1илма цуьнгахь ца хилча, стенах лаьцна 1илма хира ду цунгахь?! Цунна уггаре коьрта оьшу х1ума цунна хууш ца хилча?
Цундела, сайна т1ехь декхар гора суна до1а муха деш хилар царна билгалла дар, Дала сайна довзийтинчу 1илманца. Цундела, Делан пурбанца, х1ара жайна язда аьтто хили са.
Кху т1ехь хьуна дойзура ду до1а муха дан деза. Мичахь дича, муьлхачу хена дича, муьлхачу хьелашкахь дича вуолехь ду. До1а д1а муха доло деза, чекх муха даккха деза. Х1ун деха мега, х1ун ца мега. До1ан бехкамаш, цуьнан г1иллакхаш, иштта кхиъ дуккху х1ума.
Дала хьан до1анна жоп лойла, х1ай лераме бусулба стаг. Айха до1а деш, х1ара жайна яздина Делан лай виц ца вар доьху хьоьга.
Дала беркате дойла х1ара жайна хьуна!
Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн
ДО1А ДАР АЛЛАХ1АН ОМРАНА МУЬТ1АХЬ ХИЛАР ДУ
Аллах1ас аьлла къуръан чохь: «Аш Соьга деха, Аса шуна жоп лур ду».
Цундела, айха Делига до1а деш хьо тешна хила веза Дала хьан до1а жоп цалуш дуьтург ца хилар. Дала Ша жоп лура ду аьлла. Амма Дала Шега динчу до1ан жоп далар тайп-тайпана хуьлу. Наггахь ахь дехнарг ло Цо хьуна. Я ахь дехнарг цалуш, ахь динчу до1ан доьхьал хьоьхь цхьа бала юха туху Цо. Я хьан до1ан жоп эхартан д1адуьллу, цигахь хьуна дика дала хьан до1ан доьхьал.
Цундела, хьан до1а дойра дац хьуна цхьанний кепара. Делахьаъ, Дала Шен хьикматаца хьуна х1ун оьшу хьаьжина жоп лура ду хьуна.
ДО1А ДАР АЛЛАХ1АН 1ИБАДАТ
ДАР ДУ
Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: До1а 1ибадат ду.
Шега до1а дарна Дала яьл ло, х1унда аьлча, ахьа Цуьнга доьхучу хена, цхьаъ дехна ца 1аш, кхин цхьа 1ибадатаъ деш хуьлу хьо, иза ахь до1а дар ду. Цундела, хьан до1ан жоп хилахь а, я ца хилахь а, до1а дарн яьл хуьлу хьуна.
ДО1А ДАР УГГАРЕ СИЙЛАХЬ Х1УМА ДУ
Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Лекхачу Аллах1ана до1анел сийлахь цхьа а х1ума дац».
Цундела, до1а деш верг, уггаре сийлахь 1амал еш ву. Далла гергахь ву иза.
ДО1А ДАРО АЛЛАХ1АН ОЬГ1АЗЛО
ЮХА ТУХУ
Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Аллах1ига доьхуш воцучунна, Иза цунна оьг1аз воьду».
Аллах1 Шега до1а ца дечунна оьг1аз х1унда воьду те? Массо халкъ Аллах1ига хьаште ду, Цуьнга доьхуша ду шайн хьаштанаш, амма Цуьнга цхьа а х1ума ца доьхуш верг, ша Аллах1ига хьаште вац бохург ду иза цунна, маттаца хьацаалахь а, шен леларца боху цо иза. Иштта стаг куралла еш ву, цхьа а х1ума Аллах1е ца дехарца. Иштта хила мегар дац. Иштачунна Аллах1 оьг1аз воьду, х1унда аьлча, Ша Шега деха хьакъ волу Шега ца дехарна. Цундела, сих-сиха, х1ора дийнахь Аллах1иг до1анаш деш хила веза хьо, х1ай Аллах1ан лай!